ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедал кхолла барт ца хуьлу Грецерчу парламентан декъашхойн


Грецин президенто Папульяс Каролоса коьртачу партийн куьйгалхошца дагадовларш дIахьуш ву, цаьрга махкахь коалицин Iедал кхоллийтар Iалашонца. Кху беттан 6-чу дийнахь хиллачу Парламентан харжамашкахь хьалхара кхо меттиг яьккхинчу партийн аьтто ца баьлла кхечу политикан ницкъашца коалици кхуллуш барт бан.

Президентаца хиллачу дагадовларшкахь дакъа лаца реза ца хилла харжамашкахь шолгIа меттиг яьккхинчу СИРИЗА олучу аьттохьар радикалан блокан куьйгалхо Ципрас Алексис. Иза реза вац Греци гIорасиз ца хилийта, финансин гIо дарх лаьцна Евробертаца бина болу барт ларбан беза, аьлла, хеташ йолчу кхечу толам баьккхинчу шина партица.

Нагахь цу партийн барт бан аьтто ца балахь цу махкахь хир бу керла парламентан харжамаш. Германин финансийн министралло варе йина Греци Евробертана а, Дуьненаюкъарчу Валютан Фондана хьалха цо бина болу тIелацамаш кхочуш бан беза, аьлла.
XS
SM
MD
LG