ТIекхочийла долу линкаш

Венехь йийцаре еш ю ГIажарийчоьнан зарратан программа


ТехIранан зарратан программах лаьцна Дуьненаюкъарчу зарратан энергехула йолчу агенталлан а, ГIажарийчоьнан а векалшна юкъахь дийцарш дуьйладелла Австрин коьртачу гIалахь Венехь. ГIажарийчоьнан делегацина коьртехь ву цу пачхьалкхан Дуьненаюкъарчу зарратан энергехула йолчу агенталлехь векал волу Солтание Iела.

Ткъа Дуьненаюкъарчу зарратан энергехула йолчу агенталлан векал ву дуьненаюкъарчу инспекторийн тобан куьйгалхо Накертс Герман. Дуьненаюкъаралла лууш ю ГIажарийчурча Парчинехь йолу тIеман объект талла, цигахь зарратан герз деш хила мега, аьлла, шеко йолуш.

КIирандийнахь ТехIрано дIахьедар дина Малхбузено шайна тIеIаткъам бан гIерта ца оьшу, аьлла.
XS
SM
MD
LG