ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь мехкадаьтта цIандо завод йиллар сихдар доьху Къилбаседа Кавказерачу депутаташа



Нохчийчохь мехкадаьтта завод йиллар сихде, аьлла, кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедале Къилбаседа Кавказерачу парламентийн ассоциацин конференцин декъашхоша. Цуьнах лаьцна хаам бо Нохчийн Парламентан зорбанан сервисо.

Цо дийцарехь юйцуш ерг ю шарахь цхьа миллион тонн мехкадаьтта чекхдаккха аьтто болуш хир йолу завод. Нохчийчоьнан парламентан гIантдас Абдурахманов Дукхвахас дийцарехь, иза ян сацам бинера Оьрсийчоьнан Iедало 2009-чу шарахь. Амма тахана а белхаш дIадолийна дац и завод хила езачу меттехь.

И бахьана долуш Нохчийчурча парламентан декъашхоша кхайкхам бина и завод йиллар сихдахьара, аьлла. Цу дехарна тIехIиттина Оршотан дийнахь Соьлж-гIалахь хиллачу Къилбаседа Кавказерачу парламентийн ассоциацин конференцин декъашхой.
XS
SM
MD
LG