ТIекхочийла долу линкаш

"Кавказ" некъ - цхьанатуху некъ


«Кавказ» олучу некъана тIехула дIасалелачу машенашлелорхошца полицин белхахоша лелочу юкъаметтигашна ша реза ца хилар хайтина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамаза. Цо дийцарехь, цу наха латкъамаш бо шаьш некъа доьлхуш, бехк а боцуш, хьийза до бохуш.

Оршот дийнахь хиллачу Къилбаседа Кавказерачу парламентийн ассоциацин конференцехь вист хуьлуш, Кадыровс билгадаьккхира «Кавказ» некъана тIехула дIасалелаш болчу нахана новкъарлонаш ян мегар дац, аьлла. И некъ массо а субьекташкахула чекхболуш бу, цо вайн вовшен уьйраш чIагIян еза, вай декъа ца деза, бохуш, вара Кадыров.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо цулсовнаха дIахьедар дира, конференцин декъашхой Къилбаседа Кавказан федералан го а, Къилба федералан го а цхьатохахьара, аьлла, дехар дан дагахь хилар хьалхе ду, аьлла. Карарчу хенахь далург доцу хIума де, бохуш, дехарш дан ца деза вай, бохуш вара Кадыров Рамзан.
XS
SM
MD
LG