ТIекхочийла долу линкаш

Гурахь Оьрсийчурчу саммите вогIур вац Обама Барак


Гезгамашин-бутт болалуш Оьрсийчурчу Владивостокехь хир йолчу Азин а, Тийначу-хIордан а регионан саммите ца ваха сацам бина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака. Цу форумехь гIаьнтада хир волуш ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.

Къайчу ЦIийно бинчу хаамца, цу деношкахь Iамеркехь хила безаш бу Демократин партин къоман конвент олуш болу гулам. Цу гуламехь Лахьан-беттан 6-чу дийнахь хир болчу Iамеркан президентан харжамашкахь кандидат санна официала кепара хаьлхатоттур волуш ву Обама Барак.

Даханчу кIирнах Путин Владимира хаам бира, ши-кхо де даьлча Iамеркехь Кэмп-Дэвидехь хир йолчу G-8 олучу саммите гIура вац ша, аьлла. Iамеркан президентан гIоьнчех цхьамма дIахьедар дина Владивостоке ца ваха Обамас бина болу сацам жоп дац Путина динчу дIахьедарна делла долу, аьлла.
XS
SM
MD
LG