ТIекхочийла долу линкаш

Сомалирчу пираташна тохарш дина Евробертан ницкъаша


Сомалина генадоццуш хIурда чохь пираташна дуьхьала тIеман операци дIаяьхьна Евробертан тIеман ницкъаша. Евробертан арахьарчу гIуллакхашкахула йолчу сервисан векало бинчу хаамца, тIеман тохар дина хIурдан авиацино.

Сомалин тIемалошна юкъахь дараш ду-дац хууш дац. Иза дуьххьарлера цу тайпана операци ю, Евроберто кху шеран Охан-баттахь Сомалирчу пираташна тохар дан бакъо луш сацам бинчулла тIаьхьа, дIаяьхьна йолу.

Кху тIаьхьарчу масийтта шарахь Сомалирчу пираташа ахча даккхархьамма цу регионехь закъалтана лийцина иттаннаш хIурдан кеманаш. Карарчу хенахь церан карахь ду 17 хIурдан кема а, 300 сов хIурдахо а.
XS
SM
MD
LG