ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла парламентан харжамаш хир бу Грецехь


Хенал хьалха болу Парламентан харжамаш хир бу Грецехь тIебогIучу Мангал-беттан 17-чу дийнахь. Цуьнах лаьцна хаам бина цу махкарчу телевизионо. И сацам бина кху беттан 6-чу дийнахь парламентан харжамаш хиллачулла тIаьхьа цигахь министрийн кабинет кхолла политикан партийн барт ца хилар бахьана долуш.

Керла харжамаш хиллалц Грецехь Iедалан декхарш кхочуш дийра ду техникан министрийн кабинето. Цуьнан коьртехь хир ву Грецин Лаккхарчу Административан кхелан куьйгалхо Пикрамменос Панайотис.

Стигалкъекъа-беттан 6-чу дийнахь харжамаш хиллачулла тIаьхьа Евроберто гIо дарна реза йолчу партийн декъашхошкара дIаевлира парламентехь дукхах йолу меттигаш. И бахьана долуш, рогIерачу харжамашкахь толам баккха мегаш бу аьттоагIора ницкъъаш. Уьш дуьхьала бу бюджетера ахча кхоош махкахь йохуш йолчу гIулчашна.
XS
SM
MD
LG