ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIан-пачхьалкхана гIо дийр ду Германино


ХIора шарахь 150 миллион евро барамехь ОвхIанистанна гIо дан дагахь ю Германи. И ахча хьажор долуш ду дуьненаюкъара коалицин эскарш дIадахча махкана Iуналла деш хир йолчу меттигерачу ницкъаллийн структурашна гIо дан.

Цуьнах лаьцна дIахьедар дина Кхаарийн дийнахь Германин канцлеро Меркель Ангелас, ша Берлинехь ОвхIанан президентаца Карзай Хьамидца цхьанакхетначулла тIаьхьа.

НАТО-но куьйгалла дечу дуьненаюкъарчу коалицехь коьрта меттиг дIалоцуш ю кху тIаьхьарчу хенахь Германи. Цулсовнаха Меркела а, Карзайс а цхьанакъахьега барт бина дешарехула а, экономикехула а долчу хаттаршкахь.
XS
SM
MD
LG