ТIекхочийла долу линкаш

Младич Раткона тIехь дIайоьдуш йолу кхел тIаьхьатеттина суьдо



ХIаагехь Дуьненаюкъарчу трибуналехь Боснерачу сербийн армин буьйранча хилла волчу Младич Раткона тIехь дIайоьдуш йолу кхел тIаьхьатеттина суьдо. Цу кхелехь гIантда волчу Ори Альфонса дийцарехь, прокурораш гIалат далийтина, Младичан адвокаташна талламан материалаш а елла. РогIера кхеташо маца хир ю тIаьхьо хоуьйтур ду ша, аьлла, хаам бина суьдхочо Орис.

Младичан гIуллакхехула долу ладогIарш дIадуьйладелла Кхаарийн дийнахь. Прокурораш дIахьедар дира, Младич жоьпаллехь ву, 1990-чу шерашкахь Боснехь тIом боьдуш, цигахь геноцид ярна а, кхеяу къаьмнех болу нах байарна а аьлла.

Еарин дийнахь дийцаре динарг дара 1995-чу шарахь Сребреница олучу гIалахь, 8 эзар бусулба стаг а вуьш, Младичан эскаро дина долу зулам. Младич Раткос тIецадуьту шена дохкуш долу бехкаш.
XS
SM
MD
LG