ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен дуьххьарлера визит я Казахстане, я Беларусе ян дагахь ву Путин



Шен хьалхара кхечу пачхьалкхе йолу визит йийр ю Путин Владимира я Казахстане, я Беларусе. Кремлан зорбанан сервисо цу хаттарехь йист яьккхина яц. Путин Владимиран векалш дийцарехь, цуьнан Минске йолу визит хир ю Стигалкъекъа-беттан 31-чу дийнахь а, Мангал-беттан 1-чу дийнахь а.

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаш дийцарехь, цигара дIа Путин Владимир ваха мегаш ву Германе а, Франце а, Казахстане а, Таджикистане а, Китай а. И пачхьалкхаш ю Оьрсийчоьнца юххера йохка-эцаран юкъаметтигаш лелош ерш.

Амма Еарин дийнахь Путина Владимира Казахстанан президентца Назарбаев Нурсултанца шен хиллачу цхьанакхетарехь тIеийцира ша кху беттан 25-чу дийнахь Астана кхайкхар. И бахьана долуш, хаамийн гIирсашна хетарехь, Казахстан хила мега Путин Владимир ша юха а президент хIоьттинчулла тIаьхьа дуьххьарлерчу визитаца гIур верг.

Даханчу кIирнах Оьрсийчоьнан президентан зорбан сервисо хаам бира, Путин Владимир гIур вац G8 олучу Iамеркехь хир йолчу саммите, аьлла. Оьрсийчоьнан Iедалан векалша дийцарехь, цуьнан бахьана ду цу деношкахь Путин Владимир министрийн кабинет кхолла дезаш хилар.
XS
SM
MD
LG