ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчоь Евробертана юкъаэцарх долу дийцарш юхадIадолош ду



Еврокомиссин а, Туркойчоьнан а векалийн кхеташо хилла Еарин дийнахь Хьонкъарахь. Цара дийцаре динарг дара Туркойн-пачхьалкх Евробертана юкъаэцарх лаьцна долу хаттар.

Еврокомиссино а, Туркойчоьнан Iедалша а дIахьедар дина Туркойчоь Евробертана юкъаэцарх лаьцна долу дийцарш юха а денда дагахь ду шаьш, аьлла. И дийцарш дIадолийна ду 7 шо хьалха.

ТIаьхьарчу хенахь и гIуллакх малделлера грекийн а, туркойн а шина декъе екъна йолчу Кипр-гIайрица доьзна долу хаттар бахьана долуш а, Франци а, Германи а дуьхьала хилар бахьана долуш а.
XS
SM
MD
LG