ТIекхочийла долу линкаш

Президентан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонна юкъара бовлуш бу бевзаш болу жигархой


Оьрсийчуьрча бевзаш болчу юкъараллин жигархошка Президентан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонна юкъара ма-довлахьара, аьлла, кхайкхам бина Оьрсийчурча омбудсмено Лукин Владимира.

Хьалхо, Путин Владимир юха а президент харжар бахьана долуш, шаьш и кхеташо йита лууш ду, аьлла, дIахьедар динера «Гражданское содействие» олучу юкъараллан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас а, Оьрсийчоьнан салттийн нанойн комитетийн кхеташонан векло Куклина Идас а, Transparency International олучу дуьненаюкъарчу вовшахтохараллан Оьрсийчурча декъан куьйгалхочо Панфилова Еленас а, политолого Орешкин Дмитрийс а.

Стохка ГIура-баттахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан харжамашкахь харцонаш лелийна аьлла, шаьш реза ца хилар гойтуш, цу Кхеташонна юкъара елира телевизионан программаш дIаяхьархо Сорокина Светлана а, экономист Ясина Ирина а. Еарин дийнахь, шайн болх берзош, жамIаш дан цхьанакхетна бара цу Кхеташонан декъашхой.
XS
SM
MD
LG