ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера жима стаг вайна Нохчийчохь



Нохчийчохь рогIера стаг вайна шайн гергарчу нахе ваха новкъа ваьллачохь. Иза ву 24 шо долу Эха-Борзера (Ассиновская эвла) вахархо Магамаев Iийса. Иза волу меттиг караяхьара, аьлла Iедалшка орца даьккхинарг ю цуьнан нана.

Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, талламхоша юьхьар лаьцна ю масийтта верси. Царна юкъахь ю и жима стаг шен лаамехь хьунхахь болчу гIаттамхойх дIакхетна хила мега бохуш ерг а.

Карарчу хенахь Магамаев Iийса лохуш гIаттийна ю ерриг а полици, бохуш хаам бо Iедалан векалша. Амма цара бечу балхо цхьа жамI дохьур ду бохучух тешаш къезиг нах бу, къаьсттина бакъонашларярхошна юкъахь, бохуш хаам бо "Кавказский узел" интернет-агенталло.
XS
SM
MD
LG