ТIекхочийла долу линкаш

Финансийн базаршкахь халонаш ловш ю Азера а, Европера а банкаш а, кампанеш а



Moody’s олучу дуьненаюкъарчу финансийн агенталло лахйина Испанерачу 16-тта банкан рейтингаш. И бахьана долуш Азерчу а, Европерчу а рынкийн индексаш лахелла. Испанехь коьрта индекс лахелла 2-на процентана.

Лондонерачу а, Франкфуртерачу а биржашкахь европера акциш юхкуш яра юккъерачу барамехь цхьа процент лахарчу мехашца. Цу хеннахь доллар Оьрсийчохь дазделла 33 кепекана, Еврон мах хьалабаьлла 31 кепекана.
XS
SM
MD
LG