ТIекхочийла долу линкаш

Дуьхьалонан акци хилла Шемарчу Алеппо-гIалахь



Кху тIаьхьарчу хенахь ца хиллачу кепара йоккха президентана Асад Башарана дуьхьала хьажийна йолу демонстраци хилла Шема-пачхьалкъехь Алеппо-гIалахь. Бакъонашларярхоша дийцарехь, рузбан ламаз динчул тIаьхьа эзарнаш адамаш арадевлира урамашка.

Меттигерачу жигархошна хетарехь, Алеппохь дIабоьдуш берг баккъалла а болу гIаттам бу. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, Алеппо провинцехь, бомба а эккхийтина, вийна Iедалшна муьтIахь хилла волу ши эскархо. Кхин а 5 эскархо лазийна ву.
XS
SM
MD
LG