ТIекхочийла долу линкаш

Тутмакхашна амнисти йина Туркменистанехь


Мехкан конституци тIеэцна 3 шо кхачар а, XVIII-чу бIешарахь ваьхна волу поэт Пырагы Магтымгулы вина де а даздеш дара ПIераскан дийнахь Туркменистанехь. И бахьана долуш эзар тутмакх дIахецна цу пачхьалкхан президенто Бердымухамедов Гурбангулыс амнисти а йина.

Тукрменистанан зорбанан гIирсаш дийцарехь, дIахецнарш бу баккъалла а шаьш зуламаш дарна дохко бевлла болу нах. Уьш билггала муьлуш бу хууш дац.
XS
SM
MD
LG