ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши кIира далале керла Iедал кхуллур ду ша бах Кадыров Рамзана



Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, керлачу Iедалан гIанта хир ву ширчу министрийн кабинетан юкъахь хилла волу стаг. Цуьнах лаьцна Кадыровс хаам бина Интерфакс хаамийн агенталле.

Карарчу хенахь керла министрийн кабинет кхолла оьшуш болу болх беш ду шаьш бах Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Цо дийцарехь, керла Iедал кхоллар дIадоьрзур ду ши кIира далале.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен даржах дохийра республикин Iедал еарин дийнахь. Iедалан коьртехь лаьттина волу Байсултанов Одес - Кадыровн ненавешин кIант ву.

ТIаьхьарчу хенахь хаамаш баьржинера иза цу даржера дIа а ваьлла Къилбаседа Кавказан федералан гонан куьйгалхочуьнан когаметта воьдуш ву аьлла. Амма и хаамаш харц бира Кадыров Рамзана.
XS
SM
MD
LG