ТIекхочийла долу линкаш

ТIемало вийна ХIинжа-гIалахь


Дагестанан коьртачу шахьрахь ХIинжа-гIалахь ницкъаллийн структураш, герзаш а диттина, вийна цхьа стаг. Иза тIемало вара бохуш, чIагIдо меттигерачу Iедалша. Цара бинчу хаамца, цуьнца цIа чохь хилла кхин цхьа стаг шен лаамехь кара вахана Iедалшна.

Меттигерачу террорана дуьхьала йолчу комитетан векалша бинчу хаамца, цара вийна волу стаг шен доьзалца цхьана хIусам чохь хилла. Цу гIишлонна штурм яле, дийцарш а дина, зударий а, бераш а арадехира шаьш бохуш, дуьйцу цара.

Дагестанерчу Iедалша бинчу хаамца, вийнарг ву цIера Буйнакскера. Цуьнан цIе йоккхуш яц, амма иза бехке веш ву цара кху беттан 3-чу дийнахь, 7 стаг а вуьш, ХIинжа-гIалахь эккхийтар дарна.
XS
SM
MD
LG