ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чикагохь йолаелла НАТО-н саммит


Iамеркарчу Чикаго-гIалахь дIайолаелла шина денна лерина йолу НАТО-н саммит. Цигахь Къилбаседатлантикан тIеман Альянсана юкъайогIчу 28-пачхьалкхан куьйгалхоша йийцаре еш йолу коьрта тема йоьзна ю ОвхIан-пачхьалкхехь долчу хьалаца.

Саммитан декъашхой билгаляккха дагахь бу 2014-чу шарахь цу махкара дуьненаюкъара ницкъаш арабаьхначул тIаьхьа шайн хир йолу стратеги. НАТО-н саммит йолаялале цу Альянсан инарла-секретаро Фог Расмуссен Андерса дIахьедар дира, НАТО-н эскархоша гIо а дийр ду, кхин дIа а Iамор а бу ОвхIанера эскархой аьлла.

Чикагохь дийцаре дийра ду Европехь ракеташна дуьхьала йолу система дIахIотторца доьзна долу хаттарш а. Цу системина дуьхьала ю Москох.
XS
SM
MD
LG