ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши стаг вийна Дагестанехь


Ши стаг вийна Дагестанерачу ницкъаллин структурийн белхахоша Хасав-юртан кIоштахь Винсовхозный олучу юьртахь. Iедалан векалша дийцарехь, и шиъ тIемало хилла.

Цара чIагIдарехь цхьа тIемало мила ву хиина. Иза ву 26 шо долу Мамедов Аслан. Иза Дагестанан къилбаседерачу кIоштIашкахь тIемалойн куьйгалхо вара бохуш, дуьйцу цара.

Цхьаболчу хаамашца, лазийна ву ши тIемало чохь хиллачу цIанна штурм еш дакъа лоцуш хилла волу цхьа эскархо.
XS
SM
MD
LG