ТIекхочийла долу линкаш

Мохк бегийна Италехь


Ондда мохк бегор хилла Италерчу къилбаседехьарчу кIошташкахь. Эмилия-Романья олучу регионехь тIаьххьара болчу хаамашца вийна 6 стаг. Иттаннаш нах лазийна бу.

Мохк бегоран чIагIалла хилла 6 дакъа Рихторан шкалаца. Йохийна ю дуккха а гIишлош, шайна юкъахь историна мехала ерш а, килсийн момсарш а йолуш.

Мохк бегор хаалуш дара КIирандийнахь Болонья а, Феррара а, Верона а, Мантуя а гIаланашкахь.
XS
SM
MD
LG