ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Триполихь велла террорхо Меграхи



Ливин коьртачу гIалахь Триполихь велла цу пачхьалкхан къайлахчу сервисин белхахо хилла волу 1988-чу шарахь Шотландерчу Локерби олучу эвлана тIехула теракт ярна чувоьллина хилла волу аль-Меграхи Абдельбасет. И стаг велла шен хIусамехь. Цуьнан дара 60 шо.

2001-чу шарахь цунна хан туьйхира, велла дIаваллалц набахти чохь яккха. Амма 8 шо даьлча Шотландерчу набахтера дIахийцира иза, канцер олу цамгар а кхетна леш ву аьлла, къа а хетна. Лоьраш цунна ваха белларг бацара кхо бутт а.

1988-чу шарахь Локербина тIехула долуш цо эккхийтира Pan Am компанин Лондонера Нью-Йорке доьдуш долу некъахойн кема. Цу кеман тIехь вара 259 стаг. Уьш берш белира. И теракт яр бахьана долуш лаьтташ байинчу нехан терахь дара 11 стаг. Ша и эккхийтар дарна бехке вац бохуш, чIагIдора дора Меграхис.
XS
SM
MD
LG