ТIекхочийла долу линкаш

ТехΙеране зарратан герз талла яхана МАГАТЭ



Зарратах пайдаэцаран терго ечу МАГАТЭн инарла директора Амано Юкияс дийцарш дΙадаьхьна ГΙажарийчохь зарратан энергина урхалла дечу Аббаси-Давани Ферейдоунца. Амано иштта цхьанакхетар волуш ву ГΙажарийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министрца Салехьи Ιела Акбарца а, кхечу меттигерчу куьйгалхошца а. Зарратах энерги йоккху меттигаш ган а, ГΙажарийчоь зарратан герз кхолла гΙерташ яц, бохуш, ТехΙерано де дереш зен а дагахь ю МАГАТЭн делегаци.
XS
SM
MD
LG