ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министрийн кабинет хийцина Нохчийчохь



Нохчийчоьн министрийн кабинетан коьрте хΙоттийна Даудов Мохьмад. Массех де хьалха Кадыров Рамзана балхах мукъаяьккхинера ерриг а министрийн кабинет. Иштта, цо дΙакховдорца, мехкан парламенто, массо депутат реза а волуш, къобал йина Даудовн кандидатура. Байсултанов Одес премьер-министр волуш цуьнан гΙовс вара Даудов. Оьрсийчоьн Турпал, нохчийн гΙаттамхошна дуьхьал тΙемаш боьлхуш, Кадыровс официалехь ма-аллара, майралла гайтина ву Даудов Мохьмад. Маситта шарахь Ιедал коьртехь Ιийна Байсултанов Одес балхара дΙаваьккхира байначу бетта юккъехь. Ιедалх йоцчу хьостанаша дийцарехь, Къилбаседа Кавказан федералан гонан куьйгалхочун Хлопонин Александран когаметта хΙотта там бу Байсултанов.
XS
SM
MD
LG