ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

148 шо кхочу Кавказ олалле эцна



Дагестанехь а, Нохчийчохь а ламанхоша ехха латтийна дуьхьало 1959 шарахь шаьш каггийначул тΙаьхьа, берриг а ницкъ чергазийн тайпанаш дехачу мехкашна тΙеберзийра оьрсийн империно. Къарбалаза буьсучу шапсугашна а, убыхашна а вуно даккхий зенаш дира эскарша, паччахьан ваша эла Михаил Николаевич коьртехь а волуш. Дуьхьаллаьттачарна Туркойн махка дΙакхалха битина цхьа некъ бен а бацара, кхечарна Ιедалша шаьш къастайора баха мега меттигаш.
ТΙаьххьара а, шаьш хьаллакбен чергазий кхачийча, тахана Оьрсийчоьно дуьненан Олимпиада дΙаяхьа кечъечу, Сочи-гΙалина гена йоцчу меттехь цхьаьнакхетта шина агΙор тΙемаш бина эскарш. Иштта Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь, нийсса 148 шо хьалха, кавказхошна тΙехь баьккхина толам базбина Оьрсийн империно.
XS
SM
MD
LG