ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГΙажарийчоь реза ю ша таллийта



Зарратах кхачояр Ιуьналлехь латточу МАГАТЭ-н куьйгалхочо Амано Юкийс дΙахьедина, ГΙажарийчоь резахилла, зараттан герз ша кхуллуш ю я яц бохучу хаттарна жоп лохуш, дуьненаюкъарчу инспекторшка шен махкахь талламаш дΙабахьийта, аьлла. Цо бахарехь, инспекторшна ТехΙеранна гена йоцчу Парчина-гΙаларчу тΙеман дакъошка бита реза ю ГΙажарийчоь. Оцу гΙаалахь кечдеш ду зарратан герз, аьлла яьржира шеко дуьненехула цхьа хан хьалха.

Аманон дΙахьедар цхьаьнадеъна кхаарий дийнахь Иракъан шахьарахь БагΙдадехь хиндолчу зарратан герзаш лагΙдаран дийцаршца. Цига гуллур бу Ингалсан а, Китайн а, Францин а, Германин а, Оьрсийчоьнан а, Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а векалш. ГΙажарийчоьнан векалш а бу оцу бараме кхайкхина.
XS
SM
MD
LG