ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъаш тΙехь бежарш лецна Волгоградехь



Полицин некъан инспекторшна тΙехь куьйгалла дечу эпсарша шайн белхахошкара кхаьънаш дахарх долу дов толлуш ю Волгоградехь кхел. Талламчийн версица Некъан хан батальонан куьйгалхочо Кирп Олега, шена гонаха кхин а маситта эпсар а оьзна, хΙора дийнан сарахь инспекторшкара ясакх йоккхуш хилла пхиппа бΙе сом.

Кхелехь тоьшалла дечу инспекторша дуьйцу терахьаш вовшахтоьхча, лурчаха дерриг шарахь хьаькама некъаш тΙехь лаьттачу шен белхахошкара кхаънаш гулдина маситта миллион сом. Амма кхаьънаш луш хиллачу инспекторех левинарг вац цкъачунна 40 стаг бен, тоьшаллаш дан кхеле кхайкхина, рагΙ ларъеш Ιа кхин а 100 белхахо.

«ГИБДД» олучу некъан урхаллин юккъерчу тΙегΙан хьаькамаш Волгоградехь лийцира, кхаънаш цара эцарца доьзна, дахначу шеран юьххьехь. Пхеаннах цхьамма бен дере ца дина ша зуламан декъахь хилар. Цундела цунна 5 шо хан бен ца кхайкхийна, иза а цо арахь токхур ю. Ткъа бухабисинчарна, низамца а догΙуш, тоха тарло набахтехь такха 7 шера тΙера 12-нне кхаччалц.
XS
SM
MD
LG