ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакохара дΙавахана ГΙажарийчоьн векал



ГΙажарийчоьн Азербайджанера векал БахΙрами Мухьаммад БгΙаир цΙехьа кхайкхина ТехΙерано. Официалехь довзуьйту бахьана ду - Азербайджано динан еза меттигаш сийсазъяр. Хьалхо зорбанехь хаам баьржира, Бакохахь ГΙажарийчоьнан векалтна хьалха гуламаш хилла ТехΙерано Азербайджанна дуьхьал провокацеш лелор далхош, аьлла. Оцу гуламашкахь азербайджанхоша аьшнаш деш гойтуш дара ГΙажарийчоьнан куьйгалхойн суьрташ.ТехΙерано шен векал цΙехьа кхайкхар туьдуш, иза хьагΙ ю, цуьнга ца лало тхо долчохь эшарийн гайтам Евровидение дΙахьош а, тхан гΙуллакхаш тоьлла долуш а, элира журналисташка Азербайджанан арахьарчу гΙуллакхийн министраллин официалехь векал волчу Абдуллаев Эльмана. Иштта ю кхушара шина пачхьалкхана юкъабоьллачу цакхетамийн тΙаьхье. Массех гΙажаройн тоба гучуяьлла шайн махкахь шпионалла лелош, аьлла дΙакхайкхийра Азербайджано бутт хьалха. Ткъа ГΙажарийчоьно бехке йора Бакох, цо жуьгташна аьтто бина шайн байъина болу заррат таллархой-Ιилманчаш хΙаллакбан, бохуш.
XS
SM
MD
LG