ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров Доккаc джихΙаде кхойкху



«Оха шарΙ дΙахΙоттор ду Кавказехь. Толам тхоьгахь хир бу.» - Оцу дешнашца рогΙера дΙахьедар даржийна «Кавказцентр» сайтехула Кавказ Имаратан лидера Умаров Доккас. Шен къамелехь цо джихΙадан декъа кхойкху Оьрсийчуьра бусулба нах. «Кавказехь хΙаллакбеш бу шун динан вежарий, йижарий. ХΙора кΙиранах ле маьрша бусулбанаш, боху гΙаттамхойн баьччас. Оцу хьолана бехке во цо Путин Владимир а, цуьнан го а. Хьалхо, Чиллан-баттахь, Умаровс шен дΙахьедарехь мостагΙийн могΙарара бехира маьрша оьрсий, Москохахь а, кхечу меттигашкахь а, Путинна дуьхьало еш, церан гуламаш баьржаш хилар чоьте а оьцуш. Оьрсийчохь керла президент хаьржича дуьххьара деш ду Умаровс шен дΙахьедарех рогΙераниг.
XS
SM
MD
LG