ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Греци йиса там бу Евробертехь



Евробертан лидерша дΙахьедина, шайна лаьа Греци берта юкъахь юьсийла, аьлла. Амма иза декхаре йо цара кхечу пачхьалкхашна ша тΙехьарчийна декхар дΙало некъ леха а, цуьнца доьзна шен экономикехь а, социалехь а оьшшу барамаш дΙабахьа а. Еарий дийнахь Брюсселехь йирзинчу кхеташоно бийцаре бира Евробарт кризисах хьалха йоккху некъаш. Делахь а ала дац цкъачунна, кхочур бу я бац Грецин Евроберта юкъара цо ша ца йоккхуьйту барамаш шен экономикехь дΙабахьа ницкъ, я араяла дезар ду цуьнан, гΙора ца тоаре терра, берта юкъара. 27-ннах кхин а 16 пачхьалкх ю кестта Грецерчу хьолана тΙаьхьакхиа мегаш, аьлла, дΙахьедар а дина Евробертан куьйгалхоша. Оцу хьолехь ду евро-валюта, 22 бутт хьалха хΙоьттина хиллачу халачу хьоле а хΙоьттина, лахдалар а.
XS
SM
MD
LG