ТIекхочийла долу линкаш

Цкъачунна барт ца карийна ГΙажарийчоьнца



ГΙажарийчоьнца зарратан герзан дай йолчу 6 пачхьалкхан векалша БагΙдадехь дΙахьочу дийцаршкахь цкъачунна карийна бац барт. Ингалсано а, Китайно а, Францино а, Германино а, Оьрсийчоьно а , Цхьанатоьхначу Штаташа а кхойкху ТехΙеран зарратан герз кхолла аьтто луш долу уран 20 проценте кхочуче ца даккхар. Зарратан герз шайн долахь долчу пачхьалкхаша, бертан кхачо ярхьама, шаьш аьтто бо ГΙажарийчоьнна, иза зарратан герз кхолла гΙертачуьра юхаялахь, лоьраллаш деш оьшу изотопаш латтон а, махкахь ширделлачу нах дΙасалелочу кеманашна карладаха гΙирс бала а, аьлла, дΙахьедар дира хьалхо. Ткъа ГΙажарийчоьно билгало йолуш жоп ца делла, амма ша шена тоьхна эмбарго дуьнено малъяхь, реза хир ю, боху, барт хуьлучу новкъа яла.
XS
SM
MD
LG