ТIекхочийла долу линкаш

Кавказхой а ду адамаш



Челябинск-гΙалахь кхиазхошна тΙехь Ιуьналла латтадечу полицин декъан куьйгалхо Пензина Юлия ханна даржах мукъаяьккхина, цо меттигерчу школийн куьйгалхой цигахь доьшучу кавказхойн берийн амалех, хотΙах, доьзалех лаьцна кехаташ яздан декхаре беш омра дина хиларна. Цо низамехь доцу декхар школашна тΙедиллар адамийн бакъонаш талхош ду, аьлла, аьрзнаш а дина, орцахбевлларш бу Челябинскера бакъоларъярхой. Цкъачунна хилам толлуш бу Пензина Юлиян хьаькамаш. ЖамΙаш цара дийр ду и болх бирзинчул тΙаьхьа, хаам бо Оьрсийчоьн РИА-Новости агенталло.
XS
SM
MD
LG