ТIекхочийла долу линкаш

Гуьржийчохь - Маршонан Де



Маршонан Де даздеш ю Гуьржийчоь. Стигалкъекъа-беттан 1918-чу шарахь Стигалкъекъа беттан 26-чу дийнахь цигахь йозуш йоцу пачхьалкх дΙакхайкхийна, Жордания Ной коьртехь а волуш. Амма кхо шо даьлча, мохк дΙа а лаьцна, гуьржийн Ιедал дохийна оьрсийн ЦΙечу эскарша. Иштта яьхна Гуьржийчоь Советан Ιедална кΙел. ЮхаметтахΙоьттина йозуш йоцу пачхьалкх санна 1991 шеран бΙаьста. Даздарш дара Маршонан Дийнахь дΙахьош Тбилисехь а, Кутаисехь а, кхечу оцу шиннал кегийрачу гΙаланашкахь а.
XS
SM
MD
LG