ТIекхочийла долу линкаш

Барт ца хилла гIажарошца



France Presse агенталло хаам барехь, ГIажарийчоьнан зарратан энергин организацин куьйгалхочо Iаббаси Ферейдуна дIахьедина, шен республикана бахьана дац уран 20 проценте кхачоран зераш совцон, аьлла. "Оха иза тхаьшна оьшшучул доккху. Кхин дукха а, кIезиг а доцуш", - аьлла Iаббасис.
ГIажарийчоьно уран зер сацадайтарна тIехьажийна дийцарш дIахьош яра кху деношкахь заррат герзийн да йолу 6 пачхьалкх БагIдадехь.
Заррат зер Iуьналлехь латточу МАГАТЭ-н инспекторша дIахьедина, шайна гIажаройн лаьтта бухарчу цхьана заррат лелочу хьукматехь уран 27 проценте кхочуш дебийна хиларан ларш карийна, аьлла.
Иза шайн "техникан гIалат" дара, аьлла, жоп делла ТехIерано.
XS
SM
MD
LG