ТIекхочийла долу линкаш

Эрмалой, нохчий вовшахлетта



55 стаг пхеа денна лецна кхаба сацам бина Сочи-гIаларчу кхело уьш Адлерехь вовшахлатар бахьана долуш. Адлерехь къепе меттахIоттош ву 1000 полисхо.
Дов иккхина бухарчу эрмалошний, тIебаьхкинчу нохчийн гIишлошъярхошний юкъахь. Меттигерчу хьостанаша чIагIдарехь, девна бухахь ду шоьтан дийнахь Адлерехь белхалойн хIусамашкахь веха ши нохчийн жимстаг урамехула йогIучу шина йоIе шога вистхиллар . Мехкийн агIо лаьцначу эрмалочуьнца даьлла дов листа гулвелла гонахарчу меттигашкара кхо бIе гергга эрмало. Летарш гена довлале сацон аьтто баьлла полицин.
XS
SM
MD
LG