ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

90 стаг вийна Шемахь



Шемин Ιедало дацаре до Хула-гΙалахь пΙераскан а, шоьтан а деношкахь вийна 90 стаг - 32 царех-бер ду – шайн эскарийх карах велла хилар. И дΙахьедар дина Шемин полицин официалан векала Макдисси ДжихΙада. Цо хаам бина, зулам динарш «террорхой» хила тарло, Ιедалша и талла кхеташо а къастийна, аьлла.
Оцу юкъанна кΙиран дийнахь а дара Шемин эскарш гΙаттамхошца тΙемаш беш. Иштта, герзашца тасадаларш дара доьлхуш Иракъан дозанна гергахь а. Оцу бахьанийца шайн дозанера эскарш тΙман хьелашна кечдина Иракъо а.
XS
SM
MD
LG