ТIекхочийла долу линкаш

Ах тонн бомба карийна Ведан-кIоштахь



Ах тонн йозалла йолу кеман тIера кхоьссина йолу бомба карийна Нохчийчохь Ведан-кIоштахь. Иза Iуьллуш хилла Хой олучу эвлара Хорача боьдучу некъан йистехь. Нохчийчурча орцан министраллан белхахоша дийцарехь, бомба эккхаза йисина хилла, лаьттах а яхана.

Амма, цара чIагIдарехь, иза вуно кхераме а хилла, жимма а меттах яьккхича эккхар йолуш а хилла. Орцан министраллан говзанчийн аьтто баьлла и бомба, цигара кхераме йоцучу метте дехьа а яьккхина, вовшахяккха.

«Кавказский узел» интернет агенталло дийцарехь стохка гурахь дуьйна Нохчийчохь карийна тIемаш доьлхаш кеманашна тIера кхоьссина эккхаза йолу 11 бомба.
XS
SM
MD
LG