ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан керлачу Iедалан декъашхойн цIераш яьхна Кадыровс



Соьлж-гIалахь шуьйра кхеташо дIахьуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цIераш яьхна керлачу министрийн кабинетан декъашхойн. Шайн даржашкахь бисина дукхах болу министрш. Амма цхьацца хийцамаш а бина Кадыров Рамзана.

Иштта керлачу Iедалан декъашхошна юкъахь вац премьер-министр хилла волу Байсултанов Одес. Белхан тIехь кхачамбацарш хилла аьлла, дIаваьккхинчу Лечхаджиев Супьянан метта бахаман а, латтанан а юкъаметтигашкахула волу министр хIоттийна Кадыров Ислам.

Керлачу Iедалехь ю цхьа зуда. Иза ю вице-премьеран даржехь йолу Дулаева Хадижат. Хьалха иза болх беш яра Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а администрацехь.
XS
SM
MD
LG