ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий байарна Оьрсийчоьнна гIуда тоьхна Страсбурго



Нохчийчурча вахархочунна Дамаев Имар-Iелина 300 эзар евро а ло, кхеле арз деш цо дайина ахча метта а хIоттаде аьлла, декхарелахь йина Оьрсийчоь Европерчу адамийн бакъонехула йолчу кхело.

2004-чу шарахь Охан-беттан 9-чу дийнахь Оьрсийчоьнан тIеман кемано РегIахойхь бомабанаш туьйхира ДамаевгIеран хIусамашна т1е. И бахьана долуш йийра Дамаевн хIусамнана Цинцаева Мандаш а, церан 5 бер а.

Страсбургерчу кхело сацам бина Оьрсийчоьно къоршаме талхийна хIора стеган ваха бакъо хиларх лаьцна йолу Европан конвенцин артикл.
XS
SM
MD
LG