ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а мохк бегийна Италехь



Юха а мохк бегийна Италин къилбаседехьа йолчу кIошташкахь. Цхьайолчу меттигашкахь цуьнан чIагIалла хилла 5,3 дакъа Рихтаран шкалаца. Италин Iедалша бинчу хаамца, мохк бегор бахьана долуш вийна 10 стаг.

Царах дукхах берш белла Модена олучу гIаланна гонах йолчу меттигашкахь. Цигахь хаьрцина масийтта индустрин гIишло. Керла мохк бегор бахьана долуш хилла долу зе толлуш ду Iедалш.

Италин премьер-министро Монти Мариос дIахьедар дина, оьшуш дерг ша дерриг а дийра ду шаьш зе хиллачу нахана гIо дан аьлла.
XS
SM
MD
LG