ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

50 шо тоьхна диктатор хиллачу Тэйлорна


50 шо набахтехь даккха, хан а тоьхна, чувоьллина Либерин хилла волу президент Тэйлор Чарльз. Цу тайпа сацам бина ХIаагерчу Дуьненаюкъарчу трибунало. Цу стагана бехке диллинарг ду, Сьерра Леонехь бахархошна юкъахь тIом боьдуш, тIеман зуламаш дар.

64 шо долу Тэйлор Чарльз бехке вина 11 декъехула. Царна юкъахь ду адамаш дайар а, уьш хьийзор а, бераш тIеман тобанашна юкъаийзор а. Прокурораш дехнарг дара цунна 80 шо хан тохар.

Либерин хилла волу президент бехказа лерира суьдхоша гIаттамхойн тобанашна ша куьйгалла дарна.
XS
SM
MD
LG