ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла дараш ду ОвхIан-махкахь



Мел-лаххара 8 полицин белхахо вийна ОвхIанехь Бадахшан олучу провинцехь, тIалибаш тIелатар а дина. ТIематасадаларехь вийна тIелатарехь дакъа лоцуш хилла волу ши стаг.

Кхин а масийтта стаг лазийна ву. Деа сохьтехь тIом бинчулла тIаьхьа, тIелатар юхатоха аьтто баьлла полицин белхахойн. Кхаарин дийнахь ОвхIан-пачхьалкхан къилбехь йолчу кIоштахь, мина а иккхина, вийна НАТО-н эскархо.

Iедалша бинчу хаамца, кху шеран 4 баттахь ОвхIанистанехь вийна 579 маьрша вахархо. Царах дукхах берш байина тIалибаша.
XS
SM
MD
LG