ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь тIом болорна дуьхьал ю Iамерка



Шеман-пачхьалкхехь тIамца Iедал хийца гIортарна дуьхьала ю Iамеркан Цхьаьнатохна Штаташ. Къайчу ЦIийнан векло Карни Джейс цу хьокъехь дIахьедар дина, цу махкара конфликт тIеман агIора ерзор нийса сацам бац аьлла.

Цу хеннахь Iамеркиан штабийн куьйгалхойн цхьаьнатоьхначу комитетан куьйгалхочо инарло Демпси Мартина дIахьедар дина кхин йолу пачхьалкхаш тIамца юкъагIоьртар ю, нагахь Шемахь маьрша адамаш дайар саца ца дахь аьлла. Хьалхо и гIуллакх дийцаре дан реза хилира Австралин Iедалш.

Оьрсийчоь дуьхьала ю Шемара хьал дийцар Iалашонца Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташо гул ярна а, Шемана дуьхьала муьлхха а гIулчаш яхарна а.
XS
SM
MD
LG