ТIекхочийла долу линкаш

Швецин Iедалшка дIавала мега Ассанж Британино



WikiLeaks олу проект кхоьллина волу Ассанж Джулиан Швеце дIавала мегаш ву Британин Iедалша. Цуьнах лаьцна сацам бина цу мехкан Лаккхарчу Кхело. Ассанж ша Швецин Iедалшка дIамалахьара аьлла, дина долу дехар юхатоьхна 5 суьдхочо, 2 реза хилла цо бохург кхочуш дан.

ХIинца гергарчу 14 дийнахь Лаккхарчу Кхеле и гIуллакх юха листахьара аьлла, дехар дан бакъо ю цуьнан адвокатийн. ЛадогIарш дIахьуш, цхьацца гIалаташ довлийтина аьлла, цу тайпа сацам бина ша Лаккхарчу Кхело.

Швецехь Ассанж Джулиан бехке веш ву зударшна тIе куьйгаш кхийдорна. Амма, WikiLeaks а кхоьллина, эзарнаш къайлах долу кехаташ зорбане даьхна волчу цу стага дIахьедарш до ша бехке вац бохуш. Шен гIуллакх политикан бух болуш ду бах цо
XS
SM
MD
LG