ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-гIалахь жима стаг вийна полицино



Соьлж-гIалахь Окьябр-кIоштахь рогIера стаг вийна меттигерачу ницкъаллийн структурийн белхахоша. Иза хилла кхаарийн сарахь. «Кавказский узел» олучу интернет-агенталло дийцарехь, даиман а санна талламан мероприятиш дIахьуш хилла цигахь Iедалан белхахой.

Хилларг билггала хIун дун хууш дац. Амма меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало бинчу хаамца, полицин белхахой сацо гIоьртина хилла некъа йогIу жима машен. Цу чохь хиллачу стага, дийцарехь, ара тапча тоьхна. Цуьнан тапча нийса ца кхетна, ткъа полицин белхахойн масатоьпаш нийса кхетна. И бахьана долуш, цу машенахь хилла стаг вийна.

Иза мила ву хиина. Полицин белхахоша вийнарг ву 20 шо долу Грозный-кIоштарчу Керла-Юьртара вахархо Сапарбаев Iаднан. Цуьнгахь тапча а, куьйга кхусса граната а хилла бохуш, чIагIдо Iедалан векалша. Герзаш дIасатухуш ларамаза цигахь нисвелла волу 2 маьрша стаг лазийна бохуш, чIагIдо полицино.

Ницкъаллин структурийн белхахошна юкъахь вийна а, лазийна а стаг вац.
XS
SM
MD
LG