ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнна критика йина Клинтона



Шемаца доьзначу хаттарехула Оьрсийчоьнан позицина онда критика йина Iамеркан пачхьалкхан секретаро Клинтон ХIилларис. Данин коьртачу гIалахь КопенхIагенехь университетан студенташна хьалха йист хуьлуш, цо билгалдаьккхира, Москохо новкъарло йо дуьненаюъкараллана Асад Башаран Iедална тIеIаткъам аьлла.

Клинтонна хетарехь, Оьрсийчоьно лелош долчо гIо до Шемахь дIайоьдуш йолчу конфликтах баккъалла а болу тIом хиларна. Iамеркан пачхьалкхан секретаро дIахьедар дира шаьш Москохца кхин дIа а дагадовларш дIахьура ду, Демашкъехь долу хьал дIанисдар Iалашонца, цуьнга шайн позици хийцийта аьлла.
XS
SM
MD
LG