ТIекхочийла долу линкаш

Сом цIеххьана дайделла


Оьрсийчоьнан сом-ахча цIеххьана дайделла кху тIаьхьарчу шина дийнахь доллрца а, евроца а дуьстича. Еарин дийнахь долларца дуьстича иза дайделла 99 кепекана. ХIинца цхьана долларан мах бу 33 сом 66 кепек.

Евроца дуьстича сом дайделла цхьа сом, цхьана кепекана а. Еарин дийнахь цхьана еврох лора 41 сом 67 кепек. Оццула дай делла дацара сом кху тIаьхьарчу кхаа шарахь.
XS
SM
MD
LG