ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

7 стаг в вуьш НАТО-н базана тIелатар дина тIалибаш



ОвхIанистанехь, ХIост олучу провинцехь, Пакистанан дозанна генадоццуш йолчу НАТО-н базина тIелатар дина тIемалойн тобано. Цуьнах лаьцна хаам бина ОвхIанистанехь болчу дуьненаюкъарчу тIеман ницкъийн буьйранчалло.

Меттигерчу Iедалша дийцарехь, цу тIелатарехь вийна цу базехь болх беш волу 7 меттигера эскархо. Иттаннаш чевнаш хилла бу. И тIелатар шаьш дина аьлла, дIахьедар дина тIалибаша.

Цара дийцарехь, тIемалоша машен эккхийтина тIеман базан кевнехь. ТIалибаш чIагIдарехь, цигахь вийна масийтта кхечу пачхьалкхара эскархо. Амма дуьненаюкъарчу тIеман ницкъийн буьйранчалло иза бакъ ца до.
XS
SM
MD
LG