ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанехь маьрша яьккхина йиъ закъалтхо



ОвхIанистанехь маьрша яьккхина Стигалкъекъа-беттан 22-чу дийнахь Бадахшан-провинцехь тIемалоша закъалтана лаьцна йолу йиъ зуда. Царах шиъ ю Швейцарехь туп тоьхна йолчу «Медэйр» олучу гуманитаран вовшахтохараллан белхахо. Важа шиъ ю меттигера яхархо, овхIан къомах йолу ши бакъонашларярхо.

ОвхIанистанерчу дуьненаюкъарчу коалицин эскаран буьйранчо Iамеркан инарло Аллен Джона дIахьедар дина и зударий маьрша бохуш операци дIаяьхьнарш НАТО-н эскархой бара аьлла. Цаьрна гIо деш хилла меттигерачу полицин белхахой.

ОвхIанистанан Iедалан векалша дийцарехь, закъалтхой маьрша бохуш вийна пхи тIемло.
XS
SM
MD
LG