ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЙоIаршна тIелета зуламхо лаьцна Москох



Москох кху тIаьхьарчу масех дийнахь жимчу йоIаршна тIелетарш дина волу стаг лоцуш жигаралла гайтинчу полицин белхахошна совгIаташ дан сацам бина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгалхоша. Цуьнах лаьцна хаам бина «Интерфакс» агенталло.

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, лаьцнарг ву 33 шо долу, зуда а бераш а долу, меттигера вахархо. И стаг хьалха эскарехь гIуллакх дина ву. Маньяка тIелетар дар бахьана долуш эшам хилла ю 9-3 шераш долу пхи йоI. Таллам дIабоьдуш бу.
XS
SM
MD
LG